Хабаев Исмаил - (лирика поэзия стих) chechen poetry

*** Сан бIаьргийн мерзаш тIе шен пIелгаш туьйсуш, оцу хьан хазалло лекхначу эшарша со вахар дезарехь сов вохуш хилла ца хиллехь... хьан матто шегахь мел сецошдерг суна хьан елакъажаро дийцина хилла ца хиллехь... хьуна тIе бIаьрг хIиттош тIехволучуьнга со гома хьежна а хилла ца хиллехь... ас хийла малх гIоттуш хьо йицъян еш хилла чIагIо сарале уьттаза йохош а хилла ца хиллехь... сан дагалецамехь хьо хьайл а хаза хир яцара. Суна кху саьхьарчу дуьненахь яккха йиссинчул хан йисна хьуна сан ойланехь яккха. © Хабаев Исмаил
Back to Top