Ма сиха къанло вай, чомахь цадехаш, дуьненан хьеший хилар дицдина! шо
«Стенна гул бо аша дуьнена бахам, стенна гул бо? Хино д1а хьо шу иза, т1амо буоха бо, ц1аро бага бо, къуно лач1г1а бо, - т1аьхье йоцу дуьненан бахам стенна гул бо аша? Суна хьлха аш биллинарг Суна дуьхьа шу даьхкича дебна карор бара шуна, Соьгара шу бахам баккха, буохо, баржо, баго, лач1г1о стага вац!» – боху Сийлахьчу Аллах1а. Хьовсийша тахана дуьненчохь болу буохамашка, х1аллак хуьлуш долчу дуьнене, къоланашка, т1емашка мила ву иза сацо Аллах1 воцург? Аллах1ана йина 1амал пайдехь карор яра массарна а, дуьненан бахамалла а.