Бисултанов Апти “Дегlаста...“
ДЕГIАСТА
ДегIаста, ДегIаста,
Азаллехь дуьйна хьо хIаллакьян гIертачу
Къизачу ницкъанна юьхь-дуьхьал лаьтташ
Баккъашца хьан лаьмнийн оганаш нисдеш
Турпала баьхначу хьан кIентийн дуьхьа
ДегIаста, ДегIаста,
Эвхьанна безарийн бIаьра ца хьовсалуш
Шовданийн бIаьра уьш хьийсарна цIинлуш
Кийра цIийх оьхучохь са сирла латто
Хьуна ницкъ беллачу йоIарийн дуьхьа