ХАРЦОНЕ
ХАРЦОНЕ...
Со иччархо ву-кха хlинца,
цхьа бlаьрг хьаббош хьан дог лехна,
лаг озош бакъ дешан дlаьндарг,
цу хьан дагах тоха хьаьгнарг,
хьан бlаьргаш чу бохьуш кхерам,
хьох ца веллий жимма кхера
хоуьйтуш, хьан керта ваьлла
«хьо сан мостагl йу» — хьоь аьлларг...
И ву-кха со, хьан къайленаш,
хьан гlайренаш гучуйохург.
И ву-кха со, ирсе хенаш,
и хьан гlенаш къайладохург.
Цу зингатан коган буха
хьакхабелла хаттал кlеззиг
хьо хиларх а, хьоьга вуха
ца хьажжал, хьо лаьхьа бу-кха.
Хьан некъ бохош, йайъа лар хьан,
чlагlo йу сан, дайъа къар хьан,
чlагlo йу сан, со мел веха,
ца дилла хьан тай, сайн меха.
Хlай, харцо, ахь дина рагlу,
лаьтташ ма ду раз а даьлла,
лаьтташ ма ду, йоцуш агlо,
доьлхуш lарна аз а хаьлла.
Хьо ца йилхи-кх, ахь лелош дерг
lадда дуьтуш дохко йаьлла.
Ахь ца дити-кх бакъонца дерг,
«хьо сол тоьлла хилла» – аьлла.
Цундела хьан хам ца бо ас,
Хьо бlаьрга йан ма ца йеза.
Сайн оьгlазло хьуна ло ас
— Хьо къаьхьалла, сан цабезам.
Минцаев Iальви шо